|
Кхо бух
Мухьаммад ибн Сулайман – Дала къинхетам бойла цунах –
Гочдина: Адама Султана Олхазара
Пайхамаран шахьар – Мединат 1422 хI. – 2002 м. шш
__________________________________________________
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!
Хьуна хаийла - АллахIа хьох къинхетам барг - вайн декхар хилар диъ хIума Iамадар:
Оцу деа хIуманан делил ду, цунна тешалла ду АллахIан дош: (Къинхетаме а, Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хенаца (дуй буу Ас)! Баккъалла, адам эшамехь ма ду. (АллахIах) теша а тешна, дика Iамал йинарш а, бакъонца весет динарш а, собарца весет динарш а боцурш). [Сурат "АлIаср" 1-3 аяташ]. Имам ШафиIийс - Дала къинхетам бойла цунах - хIокху сурат хьокъехь аьлла: "АллахIа Шен халкъана тешаллийна хIара сурат бен ца доссийнехь а, иза тоьар дара царна тешалла хила (цуьнца Iамал ян)". Имам Бухарис - Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "Iилма Iамор Iамал ярал хьалха хилар довзайту баб (дакъа)". Iилма Iамалал хьалха даккха дезаш хиларан тешалла ду АллахIан дош: (Хаийла хьуна АллахI воцург кхин дела цахилар, хьайн къинна гечдар а деха) [Сурат "Мухьаммад" 19 аят]. ХIокху аятехь АллахIа Шен омру "Хаийла хьуна" аьлла, дашал а, Iамалал а хьалха Iилманца долийна. 1 - Хьалхарниг: Вай АллахIа кхоьллина хилар, цул тIаьхьа Цо вайна рицкъа делла хилар, Цо вай тидам боцуш тесна дитина цахилар а. Муххале а, Цо вайна Пайхамар ваийтина. Цунна мутIахь хилларг ялсамане гIур ву, амма цунна Iеса хилларг жоьжахате а гIур ву. Оцунна тешалла ду АллахIан дош: (Оха шуна Элча ваийтина, шуна тIехь теш волуш, ФирIавн волча Оха элча вахайтарх терра, ткъа ФирIавн элчанна Iеса хилира, тIаккха Оха иза (ФирIавн) хIаллаквеш долчу лацарца лецира) [Сурат "Ал-муззаммил" 15-16 аяташ]. 2 - ШолгIаниг: АллахI реза вац Шеца накъост варна, хуьлийла иза малайкашна Iибадат дарца, я пайхамарашна Iибадат дарца.[1] Тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, ткъа аша ма кхайкха АллахIаца цхьанга а) [Сурат "Ал-джинн" 18 яат]. 3 - КхоалгIаниг: Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - муьтIахь волчунна, Дела цхьаъ веш волчунна мегаш дац, Далла а, Делан Элчанна - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - дуьхьал ваьллачунца гергарло лелор, иза шен уггара гергара стаг велахь а. Цунна тешалла АллахIан дош ду: (Хьуна карор бац (бусалба) нах, АллахIах а, къемат дийнах а теша а тешаш, АллахIана а Цуьнан Элчанна а дуьхьало еш берш (дов лелош берш) безаш болу, уьш шайн дай белахь а, я шайн кIентий, я шайн вежарий, я шайн тайпана (белахь а). Уьш (бусалба динна дуьхьал болчарца гергарло ца лелориш) АллахIа шайн дегнашкахь ийман яздинарш бу. (Цо) уьш чIагIбина шегарцу сица (Жабраилца), (Цо) уьш бохуьйтур а бу, шайна кIелхула татолаш лелачу бошмашка (ялсамане), даим цу чохь хир а болуш. АллахI царна а реза хилла, уьш Цунна а реза хилла. Уьш бу АллахIан тобанах, ткъа АллахIан тоба баккъалла декъал ю) [Сурат "Ал-муджадалат" 22 аят]. Хьуна хаийла – АллахIа хьо Шена муьтIахь хиларе нисварг – ИбрахIима-Пайхамаран миллат, хьанифийн дин – иза ахь АллахIана даггара Iибадат дар хилар. АллахIана цхьанна, даггара Iибадат дар – и ду АллахIа массо нахана омру дина тIедиллинарг, ша бахьанехь адамаш кхоьллинарг а. АллахIа Къуръан чохь ма- аллара: (Ас ца кхоьллина жинаш а, адамаш а, цаьрга Сайна Iибадат дайта бен) [Сурат "Аз-зарийат" 56 аят]. "Сайна Iибадат дайта" бохучуьнан маьIна - "Со цхьаъ вайта" бохург ду. Ткъа АллахIа омра динчерах уггар доккханиг "тавхьид" ду, цуьнан маьIна: Iибадат дарехь АллахI цхьаъ вар ду. Иштта, АллахIа ца магийначех уггар доккханиг "ширк" ду, цуьнан маьIна: АллахI воцучунна Iибадат дар ду, Цуьнца кхечуьнга кхайкхар санна. Цунна тешалла АллахIан дош ду: ((Аш) Iибадат де АллахIана, цхьаъа хIуманца Цуьнца накъост а ма ве) [Сурат "Ан-нисаъ" 36 аят]. Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: адамана бовза безаш болу кхо бух хIун бу? Ахь ала: Лайна шен Дела а, шен дин а, шен Пайхамар Мухьаммад а - Делера салават салам хуьлда цунна - вовзар бу.
Хьалхара бух – АллахI Дела вовзар
Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: хьан Дела мила ву? Ахь ала: сан Дела АллахI ву, со а, дерриге Iаламаш а Шен ниIматашца кхиийна волу. Иза ву ас Шена Iибадат дийриг, Иза воцург кхин Iибадат дан цхьа а вац сан. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду: (Хастам бу АллахIана, Iаламийн Элана) [Сурат "Алфатихьат" 2 аят]. АллахI воцург кхидолу массо хIума Iаламашна юкъадогIуш ду, иштта со а ву оцу Iалам юкъара. Нагахь санна хьоьга алахь: хьуна хьайн Дела муха воьвзина? Ахь ала: Суна Иза Цуьнан аяташца (билгалонашца) а, Цо кхоьллинчу хIуманашца а воьвзина. Цуьнан аятех (билгалонех) ду: буьйса а, де а, малх а, бутт а. Цо кхоьллинчу хIуманех ду: ворхI стигал а, ворхI латта а, цаьршинна чохь дерг а цаьршинна юкъахь дерг а. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду: (Цуьнан билгалонех ду буьйса а, де а, малх а, бутт а. Ма де суджуд малхана, я баттана, (амма) суджуд де АллахIана, уьш кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цунна (цхьанна) Iибадат деш делахь) [Сурат "Фуссилат" 37 аят]. Иштта кхин а аьлла Дала Къуръан чохь: (Баккъалла шун Дела ву, стигланаш а латта а ялх дийнахь кхоьллинарг, цул тIаьхьа Иза лакхаваьлла Iарша тIехь, буьйса денна тIетосу Цо, цо (буьйсано) иза (де) сихонца лоху. Малх а, бутт а, седарчий а, муьтIахь дина Цо Шен омрунца, Цуьнан карахь ду кхоллар а, болх а. Беркате ву АллахI, Iаламийн Эла (Дела)) [Сурат "Ал-аIраф" 54 аят]. Дела бохург - шена кхечу наха Iибадат дийриг бохург ду. Иза иштта хилар гойту АллахIан дашо: (ХIай адамаш, Iибадат де шайн Далла, шу а, шул хьалхарниш а кхоьллина волчу, шу хила мега тIаккха (Цуьнах) кхоьруш (аш Цунна Iибадат дича). (Аш Iибадат де АллахIана), латта шуна мотт санна дина волчу, стигал а гIишло санна йина волчу, стиглара хи а доссийна, цуьнца (лаьттара хьала) шуна рицкъанна стоьмаш а баьхна волчу, ткъа аш ма бойла АллахIаца накъостий, шаьш хууш доллушехь (и дан ца мегий)) [Сурат "Ал-бакъарат" 21-22 аяташ]. ХIокху аятан тафсирехь Ибну-Касира - Дала къинхетам бойла цунах - аьлла: "И хIуманаш кхоьллина верг - Иза ву Шена Iибадат дан хьакъ долуш верг". АллахIа тIедехкина долчу Iибадатан дакъош - Ислам, Иман, Ихьсан а санна долу, иштта доIа дар а, кхерар а, догдахар а, болх тIебиллар а, безам хилар а, цабезам хилар а, гIолахар а, хьаставалар а, тIетовжар а, Iалашвар дехар а, гIо дехар а, хьайбанна урс хьакхар а, чIагIо яр а, иштта кхидолу АллахIа тIедехкина долу Iибадаташ а, уьш массо а цхьана АллахIа доьхьа хила дезаш ду. Тешалла АллахIан дош ду: (Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, аш макхайкха АллахIаца кхечуьнга цхьаьнга а) [Сурат "Ал-джинн" 18 аят]. Оцу Iибадатех цхьаъ делахь а кхечуьнга дерзийнарг - иза АллахIаца накъост веш хуьлу Iибадат дарехь, куфр деш а хуьлу. Тешалла ду АллахIан дош: (АллахIаца кхечу деле кхойкхуш верг - шегахь цхьа тешалла а доцуш - баккъалла а цуьнан хьесап дар цуьнан Делехь ду, баккъалла а декъал хир бац керстанаш (куфр дийриш)) [Сурат "Ал-муъминун" 117 аят]. Хьадисехь деана ду: "Дехар, доIа дар - Iибадатан тIум ю". Цунна тешаллийна АллахIан дош а ду: (Шун Дала аьлла: деха Соьга, доIа де, Ас жоп лур ду шуна. Баккъалла а, Суна Iибадат дарх куралла еш берш гIур бу жоьжагIате, аьшнаш бина, сийсаз а болуш) [Сурат "ГIафир" 60 аят]. АллахIах бен кхера ца везаран тешалла ду Цуьнан дош: (Шу ма кхера церах, шу кхера Соьх, нагахь санна шу тешаш делахь) [Сурат "Ал-Iимран" 175 аят]. Догдахаран тешалла ду АллахIан дош: (Ткъа шен Далла ша дуьхьалхIоттарга догдохуш волчо дика Iамал а йойла, ша шен Далла Iибадат дарехь накъост а ма войла) [Сурат "Ал-кахIф" 110 аят]. Болх тIебилларан тешалла ду АллахIан дош: (АллахIана тIебилла болх (Цуьнан кера дIало иза), нагахь санна шу (Цунах) тешаш делахь) [Сурат "Ал-маидат" 23 аят]. Иштта цунна тешаллийна кхин цхьа аят а ду: (АллахIана тIе болх биллинчунна - Иза кхачам болуш тоьаш ву цунна) [Сурат "Ат-тIалакъ" 23 аят]. Безам хиларан а, цабезам хиларан а, хьаставаларан а тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а уьш бара диканаш дарехь сихо еш, Тхоьга (АллахIе) кхойкхуш а бара, (массо дикачу хIуманехь) безам болуш а, (массо вочу хIуманехь) цабезам болуш а, Тхуна хьастабелла (АллахIан сий деш Цунна муьтIахь) а бара уьш) [Сурат "Ал-анбияъ" 90 аят]. АллахIах дагчохь кхера везаран тешалла ду АллахIан дош : (Ма кхера шу церах, шу кхера Соьх) [Сурат "Ал-бакъара" 150 аят]. АллахIе дерза дезаран тешалла ду АллахIан дош: (Шу дерза шайн Деле, Цунна муьтIахь а хила) [Сурат "Аззумар" 54 аят]. ГIо дехаран тешалла ду АллахIан дош: (Хьуна цхьанна Iибадат а до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гIо а доьху оха) [Сурат "Ал-фатихьат" 5 аят]. Хьадисехь а деана ду: "Айхьа гIо лахахь АллахIера лаха хьайна гIо, Цуьнгара деха а деха". Iалашвар АллахIе деха дезаран тешалла ду АллахIан дош: (Ахь ала: со ларло адамийн Эла волчуьнца (АллахIаца), адамийн Паччахьца) [Сурат "Ан-нас" 1-2 аят]. Орца лахаран тешалла ду АллахIан дош: (Аш шайн Деле орца доьхучу хенахь Цо жоп делира шуна) [Сурат "Ал-анфал" 9 аят]. Хьайбанна урс хьакхаран (гIурба деран) тешалла АллахIан дош ду: (Ахь ала: бакъдолуш, сан ламаз а, сан урс хьакхар а, сан вахар а, сан валар а, Iаламийн Эла волчу АллахIан доьхьа ду. Накъост вац Цуьнца. Цуьнца (иштта хиларца) омру дина а ду суна, со доьххьара бусалба а ву) [Сурат "Ал-анIам" 162-163 аят]. Суннатера тешалла ду Пайхамаран - Делера салам маршалла хуьлда цунна - дош: "АллахIа неIалт аьлла АллахI а воцуш кхечуьна доьхьа урс хьаькхначунна (кхечуьна доьхьа сагIа дийначунна). ЧIагIо йаран тешалла ду АллахIан дош: (Цара кхочуш йо шаьш йина йолу чIагIо, уьш кхера а кхоьру шен вон дIасадаьржар долчу дийнах) [Сурат "Ал-Инсан" 7 аят]. ШолгIа бух - шен баххашца бусалба дин довзар.
Бусалба дин - иза АллахI цхьаъ варца Цунна муьтIахь хилар ду, Цо аьлларг деш хилар а ду, Цуьнца накъост варах а, ширкан охIлунах а цIена хилар а ду. Бусалба дин кхаа даржехь ду: Ислам, Иман, Ихьсан. Оцу кхаа даржах хIоранне а ше-шен арканаш (бIогIамаш) ду. Бусалба динан хьалхара дарж - Ислам.Исламан арканаш пхиъ ду: 1) тешалла дар АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла; 2) ламаз дар; 3) закат далар; 4) мархи бутт кхабар; 5) АллахIан цIентIе хьадж дар. АллахI воцург кхин Дела вац аьлла тешалла дан дезаран далил АллахIан дош ду: (Тешалла дина АллахIа Ша воцург кхин дела вац аьлла, малайкаша а дина, Iилман дайша а дина; нийсонна тIехь лаьтташ ву АллахI, кхин Дела вац иза воцург, Нуьцкъала а Хьекъале а волу) [Сурат "Ал-Iимран" 18 аят]Цуьнан маьIна - цхьа а вац шена Iибадат дан хьакъ волуш цхьа АллахI воцург бохург ду. "ЛаилахIа" - цхьа а Дела вац бохучу дашо дIадоккху АллахI а витина шена Iибадат мел деш долу хIума, "иллаллахI" - АллахI воцург бохучу дашо чIагIдо цхьана АллахIана Iибадат дан дезар, Цуьнца Iибадат дарехь накъост а ца веш, Цуьнан паччахьаллехь Цуьнца накъост ца хиларе терра. И аят туьду АллахIан кхечу дашо: (ИбрахIима аьлча шен дега а, шен къоме а: со цIена ву аш Iибадат дечух, со кхоьллинарг воцучух (кхечарех цIена ву со), Цо со нисвийр ву. Цо (ИбрахIима) цуьнах (ша аьллачу дашах) дира шел тIаьхьа шен тIаьхьлонна дуьссур долу дош, уьш (цуьнан да а, къам а) юха боьрзур бацара те аьлла) [Сурат "Аз-зухруф" 26-28 аят]. Кхин а иза туьду кхечу АллахIан дашо а: (Ахь ала: хIай жайни охIла, дуьйла тхуна а, шуна а цхьатерра долчу даше: вай, АллахI воцучунна Iибадат а ца дан, Цуьнца цхьаъа хIуманца накъост а ца ван, АллахI а витина вай вовши эланаш а ца дан. Ткъа нагахь санна уьш юха бовлахь аш ала (цаьрга): тешалла де тхо бусалба хиларца) [Сурат "Ал-Iимран" 64 аят]. Мухьаммад АллахIан элча ву аьлла тешалла даран далил АллахIан дош ду: (Шуна веъна элча, шух шайха волу, йазло цунна шуна хуьлу халонаш, кхоаме, тIаламе ву иза шуьца, АллахIах тешаш болчаьрца эсала а, къинхетаме а ву иза) [Сурат "Ат-тавбат" 128 аят]. Мухьаммад АллахIан элча ву бохучуьнан маьIна ду: цо омру динчунна муьтIахь хилар, цо дийцинчу хIуманна тIехь иза бакъ вар, цо ма де аьллачу хIуманах ларвалар, цо де аьллачу кепара бен АллахIана Iибадат ца дар. Ламазан а, закатан а, тавхьидан маьIнан а тешалла ду АллахIан дош: (Царна омра дина дацара АллахIана Iибадат де аьлла бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа хуьлуьйтуш, хьанифаш (ИбрахIиман дин тIехь АллахIана цхьанна Iибадат деш берш) санна, ламаз а, де закат а ло аьлла а бен. Иза ду нийса дин) [Сурат "Ал-баййинат" 5 аят]. Марха кхабаран тешалла ду АллахIан дош: (ХIай АллахIах тешаш дерш! Шуна тIехь яздина (парз дина) ду марха кхабар, шул хьалха хиллачарна тIехь яздаре терра, шу хир дацара-те кхоьруш (АллахIах)) [Сурат "Ал-бакъарат" 183 аят]. Хьадж даран тешалла ду АллахIан дош: (АллахIана (хьакъ) ду нахана тIехь хьадж дар, новкъа ваха ницкъ кхаьчначо, ткъа цхьамма керстналла дахь - АллахI Iаламера хIумма оьшуш вац) [Сурат "Áл-Iимран" 97 аят].
Бусалба динан шолгIа дарж - Иман.
Иманан кхузткъеитт а, кхин масех а дакъа ду, церах уггар дезаниг "лаилахIа иллаллахI" алар ду, уггар лахарниг новкъара нех дIаяккхар ду. Эхь хетар а Иманан цхьа дакъа ду. Иманан арканаш ялх ду: Делах тешар а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) тешар а, цуьнан диканах а, вонах а цхьане. Оцу арканийн тешалла ду АллахIан дош: (Дикалла (суьпалла) яц аш шайн яххьаш малхбалехьа а, малхбузехьа а ерзор, амма дикалла ю АллахIах тешар а, тIаьхьарчу (къемат) дийнах а, малайкех а, жайнех а, элчанех а тешар а) [Сурат "Ал-бакъарат" 177 аят]. Къадран (билгалдаккхаран) тешалла ду АллахIан дош: (Баккъалла а Оха массо хIума кхоьллина билгалдаккхарца) [Сурат "Ал-къамар" 49 аят]
Бусалба динан кхоалгIа дарж - Ихьсан
Ихьсанан цхьа рукн бен дац, иза - ахь АллахIана Iибадат дар ду, хьайна Иза гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву. Тешаллийна ду АллахIан дош: (Баккъалла а АллахI Шех кхоьруш болчаьрца а ву, мухьсин болчаьрца (Ша гуш волуш санна Шена Iибадат деш болчарца а, нахана дика деш болчарца) а ву) [Сурат "Ан-нахьл" 128 аят]. Кхин а АллахIан дош ду: (Ахь болх дIа луо Нуьцкъала а, Къинхетаме а волчуьнан кера, хьо (ламазехь) лаьттачу хенахь хьо гуш волчуьнга, суджудаш деш болчарна юкъахь хьо дIасахьийзаш а (гуш волчуьнга), баккъалла а Иза ву Хезаш а, Хууш а верг) [Сурат "Аш-шуIараъ" 217-220 аяташ].Кхин а АллахIан дош ду: (Хьо цхьа а хьолехь хуьлуш а вац, ахь цхьа (дакъа) Къуръан а ца доьшу, аш цхьа а Iамал а ца йо Тхо шуна тIехь тешаш долуш бен, шу и хIуманаш дан дуьйлалучу хенахь (а, дечу хенахь а)) [Сурат "Юнус" 61 аят]. Суннатера тешалла ду массарна девзаш долу Жабраил малайкан хьадис, ХаттIаба кIанта Iумара - Дела реза хуьлда цунна - дийцина долу. Iумара аьлла: "Тхо Делан Элчанна - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - уллехь хевшина Iаш долчу хенахь, тхуна тIе веара цхьа стаг, чIогIа кIай духар дуьйхина а волуш, чIогIа Iаьржа месаш а йолуш, шена тIехь гуш цхьа а некъан лар а йоцуш, тхуна цхьанненна а воьвзаш а воцуш. Пайхамарна - Делера къинхетам а, маршалла а хуьлда цунна - улло охьахиира иза, шен ши гола цуьнан голех а хIуттуш, шен ши куьг цуьнан шина варо тIе а дуьллуш. ТIаккха цо элира: "ХIай Мухьаммад! Исламах лаьцна дийцахьа суна". ТIаккха Пайхамара элира: "Иза ахь тешалла дар ду, АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан элча а ву аьлла, ахь ламаз дар а ду, закат далар а ду, марха кхабар а ду, новкъа ваха хьайн ницкъ кхачахь хьадж дар а ду". ТIаккха цо элира: "Бакъ лоь хьо". ТIаккха тхо цуьнах цецдевлира - "цуьнга хетта а хоьттуш, иза бакъвеш ву-кхa иза!" - аьлла. ТIаккха цо элира: "Иманах лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Иза хьо тешар ду АллахIах а, Цуьнан малайкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, тIаьхьарчу (къемата) дийнах а, къадрах (билгалдаккхарх) а - цуьнан диканах а вонах а". ТIаккха цо элира: "Бакъ лоь хьо. ТIаккха Ихьсанах лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Иза ахь Iибадат дар ду, хьайна АллахI гуш волуш санна, ткъа хьуна Иза гуш вацахь а Цунна хьо гуш ву". Цо элира: "Къемата дийнах лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Шега хоьттуш верг хаттарш дечул сов цуьнах лаьцна хIумма а хууш вац". ТIаккха цо элира: "Цуьнан билгалонех лаьцна дийцахьа суна". Пайхамара элира: "Лай йолчу зудчо шен эла яр а, когаш Iуьйра, тIейуха хIума йоцуш хилла болу къен-миска жаIуй гIишлош ярехь къийсалуш хьуна гар а". ТIаккха иза дIавахара, тхо диссира. ТIаккха Пайхамара элира: "ХIай Iумар, хеттарш деш хилларг мила вара хаьий хьуна?" Ас элира: "АллахI а, Цуьнан Элча а ву дика хууш верг". Пайхамара элира: "Иза Жабраил дара, шуна шун динан болх Iамо деана".
КхоалгIа бух – вайн Пайхамар Мухьаммад –
Делера къинхетам а,
|