Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

  

Имам Ибн Аби́ Зайд Ал-Къайрава́ний

Дала къинхетам бойла цунах

 

 

Цуьнан цIе IабдуллахI хилла, цуьнан де цIе Абу́ Зайд Iабдуррахьма́н хилла. Цундела цунах Ибн Аби́ Зайд олу, Абу Зайдан воI бохург ду иза.

Имам Ибн Аби Зайд вина хIижратан терахьца 310-чу шарахь, иза кхелхина 386-чу шарахь, 76 шарахь ваьхначул тIаьхьа.

Шен заманан а, ша вехачу меттиган а уггар баккхийчу Iелам-нахах цхьаъ хилла иза. Iелам-стаг а волуш, шен Iилманца Iамал еш а волуш, Iибадат дукха деш а волуш, дуьне лехар кIеззиг хилла а волуш, тешаме волуш, комаьрша волуш, хастаме волуш, лаам лаккхара болуш стаг хилла Имам IабдуллахI. Суннатана тIаьхьа вазарца а, хьадисаца Iамал йарца а, дин юккъе керла хIуманаш юкъадаьхначарна доьхьало йарца вевзаш хилла иза. Иза шайца гIараваьлла долчу Iилманех ду тафсиран Iилма а, хьадисан Iилма а, хьехам баран Iилма а, фикъхIан Iилма а. И дерриге дикаллаш шеца хиларна, Iилманан даржехь лакхаваьлла иза хиларна а, «Жима Малик» олуш хилла цунах, Имам Маликах иза тарвеш, хIунда аьлча цо фикъхI Iилма маликийн мазхIабехь Iамийна хилла дела. Шен заманахь ерриге бусалба малхбузенехь болчу Суннатан охIлунан имам хилла иза.

Доьххьара дуьйна Къуръан дагахь Iамийна хилла цо, тIаккха шен махкахь бехачу Iелам-нахаца Iилма а Iамийна цо. 330-чу шарахь ша хьадж дан воьдучу хенахь, новкъахь а, дIаькхаьчча цигахь а цо хьадисан Iилманца къаьсттина тIалам беш хилла дела, тайп-тайпана мехкашкара Iелам-нахера цо шена хьадис Iамийна дела, хьадисийн иснад лаккхара хилла цуьнан. Жималлехь дуьйна гIараваьлла хилла иза хIуманах дика кхеташ хиларца а, хьекъал сов хиларца а, Iилма дукха хиларца а. Цуьнан масала ду цо шен вуьрхIийтта шо кхаьчча яздина долу «Ар-РисалахI» жайна. И массо хIума бахьана долуш дуккха а мутаIеламаш хилла цуьнгара Iилма лохуш, баккхийнаш а, кегийнаш а богIуш хилла цуьнан дарсашка а, цуьнан хьехамашка а ладогIа. Тайп-тайпана мехкашкахь дуккха а баккхий Iелам-нах бевлла цуьнан мутаIеламашна юкъара.

Iилма Iаморца а, иза хьехарца а гIараваьлла хиларе терра, жайнаш яздар а дукха хилла Имам Ибн Аби Зайдан. Ткъеиттангара шовзткъанга кхаччалц жайна яздина хилла цо тайп-тайпанчу Iилманашкахь: тафсирехь а, хьадис Iилмангахь а, фикъхIехь а, кхидолчу Iилманашкахь а. Церах цхьадолу жайнаш цхьа ша-тайпа пайдане ду, кхечерах къаьсташ долуш, церан масала ду «Ар-РисалахI» жайна а, «Ан-Нава́дир Ваз-Зийа́да́т» цIе йолу жайна а. Ткъа, «Ар-РисалахI» жайна цо доьххьара яздина жайна а ду, шен 17 шо кхаьчча яздина а ду, уггар гIарадаьлларг а ду, маликийн мазхIабехь дацдеш доьххьара яздина жайна а ду. Цундела маликийн мазхIабан Iелам-наха малхбалехь а, малхбузехь а къобалдина тIелаьцна хилла ду цуьнан и жайна, Iаморца а, хьехарца а, маьIна дарца а, дагахь Iаморца а. Масала, цу жайнин маьIна деш яздина долу жайна ткъеитт сов жайна ду. 939-чу шарахь кхелхина волчу Шейх Iалий Ал-Мануфийс цу «Ар-РисалахI» жайнин маьIна деш ша цхьамма яздина тайп-тайпана ялх жайна ду. Iелам-наха иза иштта деза лоруш хиларна, шекъана метта деши а лелош, дешица яздина хилла а ду иза, 20 деши дина́рах доьхкина хилла а ду халифатан коьрта гIалахь БагIдадехь.

Бусалба дин Iамош, иза довзуьйтуш, иза даржош, цуьнца Iамал еш, иштта Дала шена тоьхна йолу хан яьккхинчул тIаьхьа, хIижратан терахьца 386-чу шарахь кхелхина Имам IабдуллахI ибн Аби Зайд.

Веза хинволчу АллахIе доьху вай Цо цунах Шен къинхетам бар а, Цунна гечдар а, Цунна Шен ялсамани йалар а. Амин.

 

 

ХIара яздеш пайдаэцна жайнаш: «Мукъаддиматур-РисалахI» жайна зорбанна кечдина волчу Шейх Бакр Абу-Зайдан а, Шейх Iабдул-Фатта́хь Абу ГIуддатан а ши дешхьалхе.

 

 


 

"Бусалба Кхетам"

Имам Ибн Аби Зайдан "Ар-РисалахI" жайнин дошдолор

 

 

 

Коьрта агIо   Iелам-нах   Жайнийн цIерш