|
|
|
ШАРI А, IАДАТ А
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана, Iаламийн Эла волчу! Цуьнгара салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охIлунна, цуьнан асхьабашна а, къемат де кхаччалц цуьнан нийсонца нис мел веллачунна а! Цул тIаьхьа... Дуккха а наха хоьтту - цхьаболчара шаьш шайга, вукхара кхечаьрга - иштта хеттарш: ШарIана а, Iадатна а юкъахь муха юкъаметтиг ю? Бусалба стаг муха хьажа веза Iадате? Муьлхург ду нийса Iадат, муьлхург дац? ХIун билламаш бу бусалба дино Iадат нийса а, дика а хилийта хIиттийна? Цхьаболчу наха-м Iадат коьрте а хIоттадой - шаьш и Iадат лелош боццушехь - бусалба дин шолгIачу могIе а хIоттадой, и шиъ чучча дахийта гIерта, Iадатех бусалба динах санна дахаран некъ бан гIерта, динца ца догIург а тIехула даккха гIерта. Ткъа вай кхузахь жоп дала хьовсур дерг ишттачу нахана жоп дац, лакхахь хIиттийначу хаттаршна жоп ду, Дала мукъа лахь. ШарIо Iадат ларарх лаьцна аьлча… Цхьана нахана юкъахь, цхьана къома юкъахь, цхьана юкъараллийна юкъахь лелаш, хIоттаделла цхьа Iедал а, Iадаташ а делахь, ШариIато уьш лара а лору, тергал а до, дуккха а хьукманашкахь уьш тидаме а оьцу, цхьана билламца: ШариIатана уьш доьхьал догIуш дацахь. ШариIато, масала, наха вовший лелош йолчу юкъаметтигийн дуккха а хьукманаш тIехь тидаме оьцуш ду цу нахана юкъахь хIоьттина лелаш долу Iадат а, Iедал а. Масала, цхьана меттехь Iадат делахь, хьешан-цIа чу вогIуш волчу стеган тIоьрмигаш чудохьуш цунна гIо динчу гIулкхахочунна ахча далар, и ахча цунна догIуш ду бах ШариIато, хIунда аьлча иза цигахь лелаш, массарна а девзаш, массара а лелош Iадат долу дела. Масала, цхьана къома юкъахь, божарша коьртахь хIума лелор Iадат делахь, и ца лелориг царна юкъахь дика лоруш вацахь, ШариIато къобал деш дац и ца лелош волчуьнан тешалла, хIунда аьлча массо наха къобалдина, оьзда хIума ду аьлла тIелаьцна долу хIума Iаддитина стаг ву иза, ткъа цо шегара оьздангалла йохош долу хIума далийтина, ткъа ШариIато ца магадо оьздангаллех воьхначу стеган тешалла къобал дар. Амма нагахь санна цхьана къома юкъахь, коьртахь хIума ца лелор оьздангаллех вохош хIума лоруш дацахь, иза ца лелочуьнгара тешалла къобал деш ду.[1] Цул совнаха, нагахь санна цхьана Iадато дикачу гIиллакхана, дикачу Iалашона тIекхачош велахь, и Iадат дика Iадат лору бусалба дино. Шейх Iабдуррахьман Ас-СаIдийс – Дала къинхетам бойла цунах – мархин бутт тIебарца вовшийн декъал дарх лаьцна шега динчу хаттарна жоп луш, бах: «ХIара хаттар а, цунах тера долу кхидерш а, цхьана пайдане, боккхачу бух тIе доьгIна ду, иза иштта бу: массо Iадаташкахь – маттаца дерш а, Iамалца дерш а – (бусалба дино хIоттийна) бух бу, уьш мегаш ду аьлла. Оцу Iадатех цхьаъа Iадат хьарам ца хуьлу, йа дика доцуш а ца хуьлу, АллахIа ца магийнарг а, ШариIатехь вон лоруш долу цхьа хIума шеца дерг а бен. ХIокху боккхачу бухана тешалла деана Къуръан тIехь а, Суннатехь а, масийтта меттехь, и бух хьахийна Шайхул-Ислам Ибн Таймиййас а, кхечара а… ТIаккха хьуна хаийла, кхузахь кхин а цхьа дика бакъо (бух) хилар: Iадаташца а, мегаш долчу хIуманашца а цхьаьнакхета мега дикаллаш а, пайданаш а, и Iадаташ Далла гергахь дезаш долчу хIуманашна юкъадохуьйтуш долу, церах схьадовлучу жамIашка а, пайданашка а хьаьжжина. Оцу кеппара, цхьадолчу Iадаташца хила мега бохамаш а, зенаш а, и Iадаташ мегаш доцучу гIуллакхашна юкъадохуьйтуш долу. ХIокху бакъонан масалш чIогIа дукха ду…».[2] Шейх Ас-СаIдийс аьллачул сов, нагахь санна цхьа Iадат ШариIатана доьхьал делахь, иза мегаш ца хилар гойтуш масал ду, Шейх Ал-Хьасúрийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг: «Нагахь санна цхьа Iадат ШариIатан хьукманна доьхьал хилахь, и Iадат Iадда дита деза».[3] Цхьаболчу нахана Iадат ду а моьттуш, вайн дайша лелийна ду а моьттуш, харц Iедалан масал ду нехан йоI йадор – ШариIатана иза доьхьал догIуш хилар а, цуьнан боьхалла а, цуьнан зенаш а, цо нехан сий дайъар а массарна а девзаш ду.
[1] И масала хьахийна Имам Аш-ШáтIибийс – Дала къинхетам бойла цунах – «Ал-Мувáфакъóт» тIехь. [2] «Ал-Фатáвá» - «Ал-МаджмýIатул-КáмилахI», 348, Шейх Iабдуррахьман Ас-СаIдий. [3] «Ал-Фавáидул-МаккиййахI», 67, Шейх Ас-Саккъóф.
|