|
|
|
Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI! Сийлахь АллахIаца бен дуй баа магийна дац хьадисашкахь. Йа АллахIаца, йа Цуьнан сифаташца а боцуш, кхечу хIуманца – пайхамарца, эвлаяаца, стигалца, лаьттаца, баьпкаца, деца-ненаца, иштта кхидIа а – биъна дуй нийса дуй лоруш а бац Iелам-наха,[1] иза баар мегаш а дац хьадисашкахь. Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Дуй буучо АллахIаца бен ма буийла».[2] Кхин а, Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хезира аьлла, Iумара – Дела реза хуьлда цунна – шен дéца дуй бууш. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Бакъдолуш, нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа ца магадо шуна шайн дайшца дуй баар. Ткъа, шух цхьаъ дуй бууш хилахь, АллахIаца буийла цо, йа тапп-аьлла Iадда Iайла иза». Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлла цул тIаьхьа: «АллахIаца дуй буу ас, Делан Элчано иза ца магош сайна хезчахьана дуьйна цкъаъа иштта дуй биъна ма бац ас, ас айса дуй бууш а, йа цхьамма кхечо биънера аьлла дуьйцуш а».[3]
[1] «ТIорхьут-Тасрúб», 7/353, Имам Зайнуд-Дúн Iабдуррахьúм Ал-Iирóкъий. [2] Бухари, Муслим. [3] Бухари, Муслим.
|